ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу мехкашка билеташ дохкар юкъахдаьккхина "Аэрофлото"


Дуьненаюкъарчу рейсашна билеташ дохкар сацийна "Аэрофлот" компанино Товбеца-бутт баллалц. Карарчу хенахь Марсхьокху- беттан хьалхарчу деношкара дуьйна билеташ эца таро ю Москвара Нью-Йорке а, Стамбуле а, Гаване а, Мале а, кхечу пачхьалкхашка а. Кхин хьалхе оьцийла яц.

ХIинццалц авиакомпанин сайтехь билеташ эца йиш яра дуьненаюкъарчу рейсашна карара бутт байначул тIаьхьа.

COVID-19 коронавирусан эпидеми ца яржийтархьама Оьрсийчоьнан Iедалхоша кеманаш совцийра Зазадоккху-беттан 23-чохь дуьйна. Кхечу пачхьалкхашкахь бисина шайн бахархой цIаберзош спецрейсаш бен яц карарчу хенахь кхочушъеш.

Доллу дуьненчохь совцийна ду авиакомпанеша кхечу пачхьалкхашка а, шайн мехкашкахь а дIасалела кеманаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG