ГIалгIайн "Даймохк" юкъаралло диллина дIахьедар дина "Наша Осетия" боламна юкъара шаьш арадовлуш хиларх. Боламан куьйгалхочун Лагкуев Вячеславан леларна тIехула бина сацам бу и шаьш аьлла, билгалдаьккхина гIалгIаша шайн кехат тIехь.
"1992-чу шеран хиламаш бирзинчул тIаьхьа гIоьртина хьал дайдархьама, юкъахь проекташ кхочушйийр ю аьлла хеташ дIакхеттера "Даймохк" юкъаралла "Наша Осетия" боламах", - аьлла ду дIахьедарехь.
Дуьххьара цакхетамаш хилира царна юкъахь Лагкуев Москвахь Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатехь вистхиллачул тIаьхьа. Оьрсийчоьнан Конституцица бIостане ю ГIалгIайчоьнан Конституци аьлла, вистхиллера хIетахь Лагкуев. Цул тIаьхьа гIалгIайн Iедалхоша дукхазза емалвира иза.
"Даймехкан" куьйгалхочо Дарбазанов Альберта дийцина, ца девллачу денна бина хиларх шаьш арадовлуш сацам: "Ши бутт хьалха кехат яздинера оха "Наша Осетия" кхеташоне, цара реакци ца йира цунна, я тхоьца къамелдан а ца гIоьртира уьш".
"Даймохк" шен инициативаца кхоьллина ю аьлла, хеташ ву Лагкуев. Иза тешна ву, шайн юкъараллана букътоха бахьанаш лоьхуш бара гIалгIай аьлла: "Кхечу республикера тIеIаткъам бу "Даймахкана" беш, юкъара довла бохуш. Дерриг а дIанислур ду. ХIинца со цхьаъ дан гIортахь, тIеIаткъамбеш верг хир ву".
Ишта Лагкуевс билгалдаьккхина, Къилба ХIирийчоьнан Юкъараллан палате Дарбазановн кандидатура хьалхатеттинера ша, амма иза харжамашка ца веара аьлла.