ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь де дийне кхуьуш ду COVID19 ун даьллачийн терахь


Оьрсийчохь коронавирусан эпидеми иккхичхьана верриг а ун даьлла ву пачхьалкхехь 32007 стаг. Цамгар ца яржийта некъаш лаха вошахтоьхначу оперативан штабо бина ишта хаам.

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий ун даьлла хиларца къаьстина кхин а 4069 стаг. ХIора денна хIоттон керла рекорд ю иза.

Ишта тIаьххьарчу цхьана дийнахь велла COVID 19 вирусах 41 пациент. Эпидеми яьржичхьана кхелхина 273 вахархо. Дарба хилларг ву 2590.

Йоллу пачхьалкхехь цхьа регион яц коронавирусан ун даьлла стаг воцуш. Къаьсттина Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарахь Москвахь билггал бевлла дукха цомгаш нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG