ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш яьхначу Нохчийчуьрчу вахархочунна 3 шо хан тоьхна Къилба ХIирийчохь


Наркотикашна тIехула бехкзуламан гIуллакх кховдийначу Нохчийчуьрчу вахархочунна Къилба ХIирийчуьрчу Советский кIоштан кхело набахтехь даккха кхо шо хан кхайкхийна. Информаци зорбане яьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Стохка гурахь БуьритIерчу полисхоша Къилба ХIирийчоьнан дозанхошца "Ларс" олучу постехь лецира Соьлжа-гIалара вахархо, шеконаш хилла.
Шен доттагIчуьнца цхьана цуьнан машенахь Гуьржийчуьра Оьрсийчу вогIуш хиллера 39 шо долу лаьцнарг. Шеконаш кхоллаеллачу ницкъахоша дегIах таллам бича, цуьнан кисанара тIоьрмиг баьккхинера. ТIаьхьо экспертиза йича гучуделира, и марихуана хиллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG