ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказехь къаьсттина лахара алапа ду нуй-горгам хьокхучу белхалойн


Росстатан зерашца, юккъерчу барамехь аьлча, Оьрсийчохь офисашкахь а, хьукматашкахь а нуй-горгам хьокхучу белхалойн алапа 20 эзар соьмал а совдолуш ду. Ткъа Москвахь и терахь шозза лакхара ду - цигахь 35329 оьцу, яздо News.ru хьостано.

Уггар а дукха ахча оьцу оцу сферехь Чукотскан (47275), Ямало-Ненецкан гонашкахь - (41688) сом.

Магаданан кIоштахь (39 093), Камчаткехь (38 165), Сахалинехь (37 116).

Уггар а лахара алапаш оьцу ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а. 13 эзар сом ду церан белхан алапа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG