ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин Кхерамзаллин Урхаллера инарла лаьцна: хIун лардан дуьсу Кавказерчу мухIажирашна?


Деркач Анвар

Украинин Кхерамзаллин Урхаллин буьйранчас Баканов Ивана хаийтина шен хьукматера инарла-майор Шайтанов Валерий Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисна – ФСБ-на - болх беш хиллийла а, иза лаьцнийла а. Урхаллин карахь массо а тоьшаллаш ду, боху Бакановс. Иза тIечIагIдеш, довзийтина Шайтановс ФСБ-ра ву бохучу стагаца Донбассехь сепаратисташна дуьхьал тIом бина Осмаев Адам вен кечамбеш дина къамел.

Осмаевна шозза йина кIело. 2017-чу шарахь киллеро Куркамаевс еза чов йира цунна, оццу шеран гурахь бевзаш боцчу наха йийра цуьнан зуда Окуева Амина, ткъа ша лазийра.

Хьалхо Украинин Кхерамзаллин Урхалло дIахьедира, Окуева ер толлуш лецна Украинин а, Оьрсийчоьнан а массех вахархо, аьлла. Бакъду, хIинца хезаш а дац таллам муха дIабоьду.

Цкъачунна хууш дац, муха хийцалур ду Шайтанов лаьцначул тIаьхьа Украинерчу къайлахчу ницкъашкара Iаткъам ловш схьабогIучу нехан хьал. Доккхачу декъанна, буьйцурш бу Къилбаседа Кавказера бевдда, Украинехь беха, цо тховкIело яларе сатуьйсуш Iен нах.

Украинин къайлахчу сервисан – СБУ-н – аьтто болу Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нехан гIуллакхаш луьстучу миграцин урхаллин болх шен тергонехь кхаба, цигара гIуллакхаш шена оьшучу хьесапе дерзо. Хууш долу масалш ду миграцин урхалло дуккхаза а тховкIело ца луш кхаьбначу гIалгIачун Мейриев Русланан хьокъехь СБУ-но кхехьийтина кехаташ. Ткъа Шайхан Ушармин батальонерчу нохчаша чуделла дехарш тергал ца деш дитина миграцех жоп лучара. Миграцин урхаллин куьйгалхочун гIовса Науменко Наталияс хаийтина, мухIажирашна Украинин паспорташ ца долуьйтург СБУ юйла.

Билгалдаккха догIу Шайтановс шен карьера Харковрчу СБУ-н урхаллехь йина хилар. И регион ю бусалбанашца гома хиларца а, Оьрсийчоьнехьа дог лаьтташ хиларца а къасталуш. Цу тIе, Харков а, цунна гонахара кIошташ а «цIен зона» шайх олуш ю – ницкъхоша шаьш дуйла хоуьйту цигашкахь.

Харковрчу СБУ-н декъо дIаелира шайн Оьрсийчуьрчу коллегийн кара Дагестанера мухIажир Бабаева Аминат, цо дIавелира Оьрсийчоьне 2018-чу шеран гурахь Донбассерчу сепаратисташна дуьхьал тIом бина Тумгоев Тимур а – дIахьажош, цунна кисана диллира тIемаш бина хиларх долу кехат-тоьшалла. КхоалгIа шо ду Харковрчу кхело азербайджанхочун Эрол Анаран дов луьсту – терроризм йо цунна бехке. Оцу факташа гойту Шайтановца цхьаьна, меттигерчу хьолан тергоеш дуккха а цигара СБУ-н белхахой а хиллийла.

«Кавказ.Реалиина» хиламах лаьцна комментари луш, Харковрчу бакъоларъярхойн проектийн куьйгалхочо Захаров Бориса билгалдаьккхира, Шайтанов лацаро аьтто бо Донбассехь тIом боьдучу хенахь Украинан къайлахчу сервисо Оьрсийчуьрчу чекисташна информаци луш хиллийла къасто, аьлла, масала, Украине тховкIело йоьхучу нахаца доьзнадерг.

Амма атта хир дац Шайтановс ФСБ-н векалца динчу къамелан аудио тоьшалле йилла, иза Iораваккха. «Баккъал а дина долчу къамелех кийсакаш а йохуш, уьш вовшахйоза, монтах ян хала дац», - аьлла хета Захаровна.

Цунна гарехь, хьалхе ду СБУ вонах цIанйийр ю, бохуш, сатийса. «Украинан политикашлахь ницкъ къуьйсуш хьийзачу цхьацца тобанаша бина болх хила а тарло иза», - боху бакъоларъярхочо.

Шайх Ушармин батальонерчу, Ахьмад цIе йолчу бIаьхочо, «Кавказ.Реалиица» къамелдеш элира, Шайтанов Европерчу цхьана пачхьалкхехь ФСБ-н векалшца цхьаьнакхетта аьлла, Америкерчу партнераша хаамбинчул тIаьхьа волийна Украинан ницкъаша зен.

«Мухха а нисделлехь а, Шайтанов лацар дика ду. Амма тхан цкъачунна бахьана дац дикане сатийса. Шайтанов ша СБУ-но Iораваьккхина велхьара дара дика, тIаккха сатуьйсийла дара хийцамашка», - аьлла хета Нохчийчуьра шен лаамехь тIаме веъначу Ахьмадна.

Украинина тешаме воцу инарла лацаро сов йох ца йина дог-ойла Радин экс-депутатан Мосийчук Игоран. Иза а ву 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан шпионийн куьйга кIел нисвелла, кIело лайна.

«Шайтанов ша цхьаъ хуьлийла дац Оьрсийчоьнна болх бина, декъашхой хилла хир бу цуьнца. Нагахь санна кху деношкахь кхин а СБУ-н а, Украинин кхечу урхаллийн а белхахой лецна аьлла вайна хезча бен алалур дац, дика хийцамаш хир бу», - аьлла хета Мосийчукна.

Ткъа бакъоларъярхо Захаров ца теша СБУ-но мигарцин урхаллин балха юкъа гIертар дуьтург хиларх. Шайгара бакъонаш низамашца хедийча бен дуьтур дац къайлахчу сервисаша тховкIело йоьхучу наханна дуьхьалояр, аьлла хета цунна. Ткъа цо дийцарехь, президентан Зеленский Владимиран офисо СБУ-хь реформа ян еза аьлла кечйинчу низаман проекто ца боху цуьнгара бакъонаш лахъян еза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG