ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хин дерг ду болх боцчийн арми юзар"


Соьлж-ГIалара "Беркат" базар, 2020
Соьлж-ГIалара "Беркат" базар, 2020

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Саламова Елена


Коронавирусан ун даржарх Къилбаседа Кавказехь уггар хьалха эшам хилларш бу нехан хьашташ кхочушдаран сферехь къахьоьгу бизнесхой. Масала, Нохчийчохь а, Дагестанехь а гIуллакх дохарна дIачIагIа езачу хьолехь ю дуккха кафеш а, ресторанаш а, базарш а, махбаран меттигаш а.

Уггар хьалха Нохчийчохь болх бар дихкира Iедалша ериг ресторанашна а, косметикан салонашна а, ткъа иза коьрта гIуллакх ду меттигерчу дуккха а бизнесхойн.

Шен цIе цаяккхар дехначу меттигерчу вахархочо дийцира Кавказ.Реалиига, ур-аттала интернетехула эцна сурсаташ дIакхачорца а республикехь халонаш хиларх лаьцна: бизнесан долахошна хала ду шайн сурсаташ латточу меттиге кхача, юкъаяьккхина чекхволуьйту раж хиларна.

Эцархойн цIа кхача дIакхачош болх бечу ресторанашна хьалха а хIиттина вуно яккхийн халонаш. Кхача оьцучу нехан терахь лахдаларна, цхьаболу белхахой балхара дIабаха а, менюн даарийн терахь лахдан а дезна церан.

ХIинжа-ГIалахь бизнесхой мелла а шаьш маьрша хеташ бу: ресторанаш а, цхьацца салонаш а болх беш яцахь а, дуккха а говзанчаш, бахархойн хьашташ кхочуш деш, болх беш буш шай-шайн цIахь.

Карантин юкъаяккхарна а, дуккха а сервисаш онлайн рожехь болх бан юьйлаяларна а, шаьш дечун профиль хийца, бохуш хьехарш до бизнесхошна говзанчаша. Къилбаседа Кавказехь, масала, оццу Дагестанехь, иза дан атта хир дац, аьлла хета меттигерчу экономистана Дохолян Сергейна.

Ерриг а бизнес Дагестанехь коьртачу декъана йоьзна ю шина сферица - сервис а (кафеш, ресторанаш, туризм), гIишлош яр а, цундела харжам баш боккха бац, шена хетарехь, "хин дерг ду болх боцучеран арми юзар", боху говзанчо: "

Адыгейхь Оханан-беттан 13-хь дуьйна болх бан юьйлаелла цхьамогIа яккхийн предприятеш а, базарийн юьртабахаман сурсаташ духку дакъош а, ткъа иштта республикийн чоьхьара цхьайолу транспортан маршруташ а. Кхеташ ду, экономикана тохар дар малдан иза дина хиларх.

Оцу кеппара экономикан гайтамаш лахбалар сацо гIерта Iедалан белхахой кхечу республикашкахь а. Цуьнан цхьа бахьана ду, ахча доцуш бисинчу меттигерчу бахархоша кхерамаш туьйсуш хилар, дуьхьалонан акцешка арадевр ду шаьш бохуш.

Масала, болх боцуш а, дIасалела транспорт йоцуш а, ахча доцуш а дисина шаьш аьлла Къилбаседа ХIирийчуьрчу Дигорехь адамаш арадевллера гуламе. Цара доьхург дара, шайна даха рицкъ ца хиларна, шадIакъастаран раж дIаяккхар.

Цул тIаьхьа маситта де далале Iедалша болх бан йолаялийтира юкъараллин транспорт, юхадехира юккъерчу а, жимачу а бизнесан сферехь гIуллакх дарна кхайкхийна цхьадолу дехкарш.

Карантинан раж а йолуш, и хийцамаш бар эвсара хир ду, я цара кхин а чIогIа тохар дийр ду экономикана?

Масаллина ялор вай могIарера статистика: Къилбаседа Кавказ даим санна хьалхе лелош ю Оьрсийчоьхь болх боцчу нехан рейтингехь. ТIаьххьара болчу хаамашца, ГIалгIайчохь балхахь боцчу нехан дакъа ду 26,3%, Къилбаседа ХIирийчохь - 13,6%, Нохчийчохь а, Дагестанехь а и гайтам бу 13,5%. Изза хьал дара карантин юкъаяккхале а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG