ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанехь тIалибаша тIелатар дина. Вийна 9 эскархо


Яхначу буса Логар провинцерчу Чарх эвлахь эскархойн постна тIалибаша динчу тIелатарехь Афганистанан эскарера 9 тIемало вийна аьлла, дIахьедина пачхьалкхан тIеман министралло. ГIиргIазойн Азаттык радиога министраллан пресс-секретаро Аман Фавада бинчу хаамца, тIалибийн могIаршкахь а даккхий зенаш хилла. "ТIалибан" боламо цкъачунна динчу зуламах комментари йина яц.

18 шарахь Афганистанехь боьду тIом сацорхьама, Чиллан-баттахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца бина машар боллушехь тIалибаша-тIемалоша тIелетарш совца ца до. Бинчу бертан дийцаршца а догIуш, 2021-чу шеран аьхка Афганистанера арадаха дезаш дара кхечу мехкийн эскарш. Ткъа "ТIалибана" антитерроран гарантеш хилийта езаш яра цунна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG