ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Триллион «юханехьа карчаде»! Пандемин коррупцех


Машанов Григорий, Маршо Радион оьрсийн сервис

Оьрсийчоьнан Iедал триллионаш дайа доллу коронавирусан пандемица дIахьочу къийсамехь а, цуьнан тIаьхьало дIашаръеш а. И ахча мел эвсара дойур ду ала хьалхе ду, амма, халахеташ делахь а, бух бу цхьаберш цунах шайна бахам бан сихлур бу ала. ХIинцале гуш ду, лаккхара мехаш а луш, медицинан гIирс а, молханаш а, доьза яйна масканаш а цIечу мехах юхаюхкучаьргара оьцуш коррупцица йоьзна алссам скандалаш лелхар юйла.

Масала, ша иза стенна до а ца олуш, министрийн кабинето пехашна хIо латтош болу гIирс Iедалан цIарх эца бакъо дIаелла пачхьалкхан "Ростех" корпорацина.

2014-чу шарахь дуьйна пачхьалкхо къайлакхехьа долийна ша дийриг. Пачхьалкхан корпорацеша оьцург а ю оцу декъахь. Оццу декъахь ду и санна йолу информаци Iорайоккхучу нехан юкъараллашна гIелояр а.

Вайна массарна а гуш ду Iедало ша леллориг халкъе ца дуьйцийла, мелхо а, цунна ша и дийцар шена зуламе хетийла. Оцу кхетам тIе Iедал далош кIезиг дакъа ца лаьцна юкъараллин талламаша а – цара шаьш тIекхочучу информацех пайда а оьцуш, пачхьалкхан цIарх духку ахчанаш гайта долийча, тIепаза ян йоьлла пачхьалкхан реестрашкара информаци.

Тоаме ду Оьрсийчохь инарла прокурор лаьттинчу Чайка Юрийн ши воI дагаваийтича а – цара Iедалан ахча муха духку юкъараллахоша теллинчул тIаьхьа, хийцина церан реестрашкара цIерш, уьш хIинца ЛСДУ3 а, ЙФЯУ9 а бу!

Делахь а аьтто ца баьлла пачхьалкхан цIарх гIирс оьцу система нахах юьззина къайлаяхьа. Итт шо хьалxa, вайн хIинца геннара хеталучу «Медведевн» заманахь юкъаяьккхина ю и система. Пачхьалкхан цIарх гIирс мел, муха оьцу гойтучу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоьнан" гIоьнца тергалдойла ду хьал – коррупцин пандеми го вайна, цхьа компани бен яц гIирс бухкуш. Тендерш цхьа а конкурс а йоцуш дIахьо, толамхой хьаькамаша шайна оьшшучех хоржу.

Ишта дечу зуламашна буха дуьллу бахьана дузу хIинца «кхераме ситуаци лаьттачу муьрехь оьцуш бу гIирс» бохучух – ткъа пачхьалкхо официалехь дIакхайкхийна а яц "кхераме ситуаци". Цкъачунна оьцург молханашший, медицинан гIирссий бен бац, амма шеко яц оьцучу хIуманийн могIа кестта шорлург хиларх. Конкурс яц кхайкхош дечу эцаршна, цунделла гур ду оцу хьоло зен деш, ткъа эцарш дан хьажийначу ахчанах «юхахохку» («откат» - ред.) триллион кега-мерса нахарташ бен йоцийла хуур ду тIаьхьо.

Бюджетан ахча декъар бодане мел хьо а, атта ду цунах «катоха», иза лачкъо

Кхидерг доцуш, пандемих лаьцна яржочу информацех пайда а оьцуш, Iедало юкъараллин тергонера йохуш ю пачхьалкхан структураш. Охан-беттан юьххьехь ФСБ гIоьртира тийна-таьIIина шен структурех, куьйгалхой дехьа-сехьа бахарх, ша дечу эцарех йолу ерриг а информаци дIакъовла (ткъа хьалхо цо шена бакъо йоьхура Оьрсийчоьнан бахархоша вовшашка мел кхоьхьуьйту йозанаш тидамехь кхаба). Суьрто Iедал халкъах хьуллуш хилар гайтина ца Iа – коррупцина духьалоеш мел кхоьллинчу низамашна бIостанехьа нисло иза.

Шеко яц, бюджетан ахча декъар бодане мел хьо а, атта ду цунах «катоха», иза лачкъо. Ткъа тахана вай дуьйцург деккъа цхьана бюджетна хуьлу зен дац – буьйцург бу адамийн синойн мах. Кардиологин цамагарех лечу нехан терахьаш лахдеш йолчу практике хьажжина, вайга алалур ду, коронавирусах девлла баларш а хила мега официалехь гойтучел кIезиг. Оьрсийчоьнан халкъана а, пачхьалкхана а боккха бала бохьу уьно, оцу хьолехь коррупцино халкъ хIалладо алар а хир дац дестийна ден къамел.

Оьрсийчохь пачхьалкхан цIарх эцарш деш атта ду ахча лачкъо, кепанна леладо дукхахдерг, хIума диканиг нислахьара аьлла а доцуш, цунах мах кIезиг бала гIерта пачхьалкх.

Амма и кеп а шена ма-луьу лелайо федералан Iедало! Оьрсийчоьнан Iедална а, президентан администрацина а тIедожо деза пачхьакхан цIарх эцарш дарна сихха реформа яр.

Амма уггаре хьалха декхаре ян еза пачхьалкх ша лелориг халкъанна гойтуш хила, шоръян еза пачхьалкхо лелориг тергоне эца йолу халкъан бакъо. Юкъаралла тIекхача йиш йолуш хила еза Iедало лелочух йолу информаци. Юхадаккха деза конституцица догIуш доцу «арахьарчу агенташна» дуьхьал кхоьллина низам – цо хIаллакъеш ю адамашна шаьш пачхьалкхан дай хоьтуьйту институташ. Совцо деза Калининградна а, Владивостокна а кхачийначу чоьхьарчу офшорашца лелош долу ловзарш. Ратификаци ян еза официалан документаш диллина хилийтарехь йолчу дуьненаюкъарчу Конвенцина. Дуккха а гIуллакхаш дан деза – вайна дика хаьа хIун дан деза – Оьрсийчоь бахархошна пайде а, дуьне кхеташ а йолчу пачхьалкхийн новкъа яккха еза. ХIинца мехкдаьтта 1999-чу шарахь леллачу мехе охьадеана, йиш яц бюджет ахча «юхакарчош» долу, «откаташ» луш долу бохча хилла йисийта.

Машанов Григорий - коммерцех йоцчу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" вовшахтохаран юрист

Тхан редакцин цIарх лорийла дац Маршо Радион оьрсийн сервисан "Блогаш" декъан авторшна хетарг

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG