ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 175 вахархо ву коронавирусан ун даьлла


ПIераскан суьйранна республикерчу эпидемиологин хьолах хаам бина могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Цо дийцарехь, республикерчу лоьраша могушалла зуьйш ву эпидеми яьржинчу пачхьалкхашкара цIавеана 1237 стаг.

Карарчу хенахь Нохчийчохь коронавирусан ун даьлла ву 175 вахархо. Дарба хилла 19 пациентна, велларг 5 ву.

Нохчийчоьнан Iедалхоша кхайкхам бина бахархошка, мукъаденошкахь чохь хилар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG