ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийцина Нохчийчуьрчу ГТРК "Вайнах" телекомпанин куьйгалхо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу ГТРК "Вайнах" телекомпанин директор хIотторца журналист Веселаева Рузана декъалйина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаам бо "Вести Республики" газето.

"Ша жима елахь а, доккха зеделларг долуш, хьекъалца, къинхьегам безаш стаг ю иза", - аьлла цу хьокъехь вистхуьлуш Кадыровс.

ХIинццалц "Грозный" телеканалан директоран гIовс а, информацин программийн редакцин куьйгалхо а яра Веселаева.

2006-чу шарера дуьйна "Вайнах" телеканалана урхалла деш вара Ельсаев Аламахьад. Карарчу хенахь иза ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбан гIирсашкахула хьехамча. Ельсаев декхарелахь вина зорбан гIирсаш а, республикан яздархойн барт а тергонехь латто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG