ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь яйна йоI схьакарийна


ГIалгIайчохь яйна хилла 4 шо долу йоI схьакарийна аьлла, хаамбина гIалгIайн орцанхоша. ГIажарий-юьртахь (Нестеровская) дайна хилла жима бер карийна могуш-маьрша аьлла, хаийтина орцанхоша.

"Кавказский узел" хьостано яздира, пIераскандийнахь Сунжа кIоштара 4 шо долу йоI яйна аьлла. Полисхой а, орцанхой а, меттигера бахархой а орцахбевлира, яйнарг лохуш. Шоьтан Iуьйранна Iораяьккхину информацица, схьакхарийна йоI гена йоццучу стоьмийн башмашкахь тилаелла.

"Могушаллина зен доцуш, дийна схьакарийна йоI. Жимма кхераелла ю", - аьллачу орцанхочун дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло.

ЙоI билггал схьакарийна хилар тIечIагIдина ишта шен Инстаграмерчу пена тIехь ГIалгIайчоьнан орцан министралло а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG