ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна критика йинчу нохчочунна депортаци ян гIерта Австрин Iедалхой


Нохчийчуьра вахархо Асламханов Мурад Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла акци вовшахтоьхнера Австрерчу Грац гIалахь. Кхо шо хан а текхна, набахтера араваккха везаш вара иза дахначу еаридийнахь. Амма маьршаваьккхинчул тIаьхьа кхечу мехкийн бахархойн гIуллакхашкахула йолчу BFA хьукмате дIавигира иза. Грац гIалин оцу хьукматна хьалха гулбеллачу протестхошлахь бара Асламхановн гергарнаш а, доттагIий а. Уьш тешна бу, Оьрсийчу жимчу стагна депортаци яхь, цуьнан дахарна кхерам бу аьлла.

"Кавказ.Реалии" портале Асламхановн нанас Маликас дийцина, мичча хенахь а махкара депортаци йийр ю хьуна аьлла, шен кIанте дIахаийтина хиларх.

"Мегар дац из Оьрсийчоьне дIавала, цунна кхераме ду. ХIетте а иза махкара араваккха кийча бу-кх Iедалхой", - аьлла нанас.

Асламханов гоьвелира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзанае Австрин набахтера цо кхайкхамбича. Цо сийсазе къамел динера Кадыровга, цо а, цуьнан гоно а махкахошкахь латточу Iазапна тIехула. Шен шога къамелдарх цо кхетийра "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кеп яра ша схьаэцнарг, цо ишта луьра до бахархошца къамел" аьлла.

ТIейогIучу заманчохь протестан акцеш дIаяха дагахь бу АсламхановгIеран доьзал, шайн стаг дIавала бина сацам юхабаккхалц.

Кеп-кепарчу зерашца, Австрехь вехаш ву таханалерачу дийнахь 35 эзар гергга нохчо. Дуьххьара дац Австрехь нохчийн мухIажиршна депортаци еш, сацамаш тIеоьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG