ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу цхьана буса 5 эзар гергга стагна COVID19 вирус кхетта Оьрсийчохь


ТIаьххьарчу дийнахь Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла хиларца къаьстина 4785 вахархо. Керла рекорде терахь ду иза. ВорхI де а ду Оьрсийчохь инфекцица болчу нехан терахь кхуьуш лаьтта. Верриг а 36 эзар стаг ву COVID19 вирус кхетта. Оцу гайтамца дуьненахь 10-гIа меттиг дIалаьцна Оьрсийчоьно.

Ун даьллачех 2649 стаг Москвахь ву. Коронавирусан инфекцех велла яхначу буса 40 стаг, царех 21 Москвахь. Ткъа эпидеми иккхичхьана велла Оьрсийчохь 313 вахархо.

Ишта дарба хилла тIаьххьарчу буса 467 пациентна. Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахь Зазадокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь дуьйна кхайкхийна "изоляцин раж" ю. Дихкина бахархошна хIусамашчуьра арабовла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG