Шоьтан суьйранна бинчу хаамашца, лоьраша зуьйш ю Нохчийчьучу 1680 вахархочун могушалла. Эпидемиологин хьал телхинчу мехкашкара цIабирзина нах бу уьш. "COVID-19 инфекци къаьстина Нохчийчохь 219 стагца.
"Махкарчу дарбан хIусамашкахь дарба дещ ду царна. Царех товелла 23 пациент, велла 5", - аьлла, хаамбина республикан могушалла Iалашъяран министро Сулеймнов Эльхана.
Арах ца лелаш, чохь совцар дехна министро бахархошка, эпидеми ца яржийта. Механ Iедалхоша мукъаденошкахь дIасалелар дихкина меттигерчу бахархошна.