ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь турпалалла гайтинчу шина кIантана совгIаташ дина гIалин мэро


Домбаев Джамбулат а, Улубаев Махьди а

Франицн Монтерей-Фот-Йон гIалин мэро совгIаташ дина, кху деношкахь цIе яьллачу петарчуьра нах кIелхьарбаьхначу нохчийн шина кIантана.

Маршо Радионо яздира, Монтерей-Фот-Йон гIаларчу масийттазза тIекIелдинчу цIа чуьрчу цхьана петарехь кхааридийнахь цIе яларх а, Нохчийчуьра веанчу шина мухIажиро цу чуьра нах арабохуш гIо дарх а. И шиъ хиллера, «Кавказ.Реалиин" информацица, 33 шо долу Домбаев Джамбулат а, 40 шо долу Улубаев Махьди а.

Улубаевс портале дийцарехь, суьйранна догуш хиллачу цIенна гена воццуш урамехула волалуш хиллера иза а, цуьнан доттагI а. ТIегулделла адам а, корашкахула араоьху кIур а гича, хьаьдда тIевеанера и шиъ а. Долчунна тIекхиъча,перилаш тIехула хьалатасавеллачу цу шиммо балкон тIехула араваьккхира кIуьро садукъийна гIеметтахIоьттина Францин вахархо.

Инцидент хиллачу шолгIачу дийнахь Монтерей-Фот-Йон гIалин мэран цхьанакхетар хилира шина турпалхочуьнца. Мэро баркалла а олуш, сийлахь деза совгIаташ дина цу шинна турпалалла гайтарна.

Ишта, "Грозный-информ" агенталло дийцарехь, Домбаевца а, Улубаевца а кхин цкъа а вовшакхета лерина ву гIалин мэр.

Юьстах ца Iийна Монтерей-Фот-Йонан бахархой а. Интернетехь петици язйина, нохчийн ши жимстаг Францин бахархойн могIаршка тоха аьлла, тIедожийна цара.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG