Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь гечдар дехна Гуьмса кIоштан вахархочо, шен вешин зудчо йоIана дарбадан социалан машанашкахула ахча гулдарна. Карарчу-беттан 17-чохь телевизионан суьйренан хаамашкахь дийцина, масех дийнахь зудчунна 190 эзар сом тесна хиларх шен йоьIана пехаш хицийта.
Дийцарехь, йоIана операци ян оьшуш ца хилла бохуш, чIагIдо сюжетехь могушаллин министро Сулейманов Эльхана. Каналан белхахоша а чIагIдо, оцу зудчунна Кадыровн цIарахчу Фондо 30 эзар сом а деллера, шен-шен рогIехь кхачан сурсаташца цунна деш гIо а ду, цуьнан йоI дарбадан а хьажийнера бохуш.
Зудчун марвешо дийцина камерана хьалха, доьзал ахчан цаторийла йолуш а бац, шен ваша балха вахана а ву, хIоразза а зудчунна ахча а тосу цо аьлла. Шен несера даьллачунна къинтIера баьхна цо нах а, Iедалхой а.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ