ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь 6060 вахархочуьнца COVID-19 вирус къаьстина тIаьхьарчу дийнахь-бусий


Оьрсийчохь яхначу буса кхин 6060 коронавирусан инфекцица нах билгалбаьхна аьлла бу оперативан штабан хаам. РогIера рекорде терахь ду и. Маса кхуьуш ду ун даьллачийн могIарш. Де хьалха 4656 ву аьлла, дара зераш.

Яхначу буса 48 стаг велла Оьрсийчохь. Официалан хаамашца, верриг а велларг ву эпидеми яьржичхьана 361.

Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчоьхь инфекцица ву 42853 вахархо. Дуьненчохь а 10-гIа меттиг дIалоцу Оьрсийчоьно.

Товелла 329. Цхьана Москвахь ун даьлла ву керла 3570 пациент. Москван кIоштахь къаьстина 709.

Карантинан шога раж ю Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахь, Москвахь а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG