ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь кхин а 271 вахархочунна коронавирусан инфекци яьлла


Оперативан штабо Iорадаьхначу терахьашца Къилбаседа Кавказехь кхин а 271 стагна йинчу тесташа гучуяьккхина коронавирус. Краснодаран кIоштахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а уггар а дукха бу инфекцица берш, кхечу регионашкахь 48, 44, 41 ву.

КIезиг бу Дагестанехь - 35, Къилба ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а, ГIебарта-Балкхаройчлхь а 26, 23, 22 стаг къаьстина яхначу буса.

Кхарачойн Чергазийчохь - 17. Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а ворхI-ворхI ву. Верриг а Къибаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла ву, Москварчу оперативан штабан информацица, 1883. 34 дархо велла лоруш ву.

Оцу юкъанна кхечу официалан хьосташа зорбане доху бIостане терахьаш. "Стопкоронавирус.рф" сайто Къилбаседа Кавказехь вирус кхетта ву боху тIаьххьарчу буса 189.

Регионашкарчу Роспотребназораша а довзуьйту кхин терахьаш. Масала. тIаьххьарчу буса Къилба ХIирийчохь 25 стаг къаьстина боху, ткъа верриг а 145 ву аьлла. Кхарачойн Чергазийчохь регионерчу Iедалхоша бахарехь 12 ву инфекци яьлла, ткъа федералан зерашца - 17.

ГIалмакхойн могушаллин министро де хьалха 78 ву элира коронавирусца, ткъа федералан версица 74.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG