ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь гIаланашка, кIошташка доьлху некъаш къевлина полицино COVID-19 бахьанехь


Дагестан, гайтаман сурт
Дагестан, гайтаман сурт

КIиранан дийнан хьалхарчу декъехь къевлина дара Каспийск гIалара арадовлу некъаш, хаам бо Кавказ.Реалиино. ХIинжа-ГIала боьдучу шина а трасси тIехь лаьттара полицин хаш, некъ бихкинера дуьхьалхIиттийначу эвакуаторшца. Чекхъяла бакъо лора юкъарчу транспортна – маршрутан таксешна а, троллейбусашна а, автобусашна а. Кхийолу машенаш юхаерзайора.

"Нийсса тхуна хьалха эвакуаторца некъ лецира, карахь чекхволу кехат делахь а, дIа ца вохуьйту элира. ТIехьашкахула доьлху некъаш лаха дийзира», - боху Каспискан вахархочо Муртуза.

Цул тIаьхьа къевлина ХIинжа-ГIалара Кизилюрта а, Хасу-Юьрта а доьлху некъаш. Вуно дукха машенаш севцца латттара некъаш тIехь. Сарахьо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхалло республикин бахархошка видео-кхайкхам бира шен интернет-агIонна тIехь.

Пресс-векала хаийтиа, ши кIира ду, цIахь-чохь совца бохуш, нахе дехарш ден, хIинца полицино шен берриг а тидам тIеберзор бу оцу дехкарна, аьлла. Нах ца совцу дIасалелачуьра, бохура къамел дечо.

"Оцу бахьаница низам ца лардайтича ца долу. Цундела, Дагестанерчу гIаланийн а, кIоштийн а некъаш тIе дуккха а меттигерчу полицин а, Росгвардин а хаш хIитто сацамбина», - элира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векала.

Бахархошка хьолах кхеташ хилар доьху Iедало, ша «нехан могашалла Iалашъян декхаре хиларна».

Хьалхо хаам баржийра Дагестанан могашаллин министралло, регионехь коронавирус цаяржийта йолчу Iалашонца белхан план хIоттийна шаьш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG