ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 4268 стагаца коронавирус карийна Оьрсийчохь


Дайначу дийнахь-бусий кхин а 4268 вахархочуьнца карийна COVID-19 ун. Иштта боху оперативан штабан хаамо. Шотдийнахь довзийтинчу 6 эзарнал лахара ду и терахь.

Коронавирус лаьцначу нахах 24 сахьта чохь велла 44 стаг.

Верриг а 47121 стаг ву Оьрсийчохь уьно лаьцна (дуьнентIехь 10-гIа меттиг), ткъа велларг ву 405 вахархо.

Москвахь дийнахь-бусий инфекци хааелла 2026 стагехь, и терахь а ду шотдийнахь гайтинчу 3500-нал лахара. Ун лаьцначу нехан дукхаллиц Оьрсийчохь хьалхарчу меттехь ю Москва – ах сов цигара бу цомгушнаш. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь цигахь велла 28 стаг.

Цкъачунна ца кхайкхийна, мел дукха нах тестех чекхбевлла селхана – Оьрсийчохь Пасха хиллачу дийнахь. Малхбузерчу пачхьалкхашкахь кIезиг йо тесташ мукъаденошкахь, цуьнга хьаьжжина, кIезиг хуьлу шотдийнахь а, кIирандийнахь а ун даржарх лаьцна гойту терахьаш.

  • Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахь Зазадоккху а, карачу а беттанашкахь юкъаяьккхина карантин. Охан-бутт берззалц балхах мукъа хир ду денош бахархошна, къевлина лаьттар ю туьканаш, адамаш алссам гуллуш йолу меттигаш.
  • Кремлан пресс-секретара Песков Дмитрийс дIахьедина, кху кIиранах тIеэца мега, Охан-беттан 30-гIа де чекхдаьлча пачхьалкхан дахар муьлхачу хьесапехь дIагIур ду хоуьйту сацамаш, аьлла. Цо, догдоху ша, аьлла, кестта эпидемин ницкъ лахло денош тIехIиттаре.
  • Коронавирус кхетта дуьнентIехь 2 миллион 400 эзар сов стагана, оцу уьнах 160 эзар сов адам делла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG