ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус кхеттачу нахе хьажа, Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусаме вахана Кадыров


Кадыров Рамзан коронавирусах нахана дарбадечу хIусамехь
Кадыров Рамзан коронавирусах нахана дарбадечу хIусамехь

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилла COVID-19 цамгарх нах чубехкинчу Соьлж-ГIаларчу №4 йолчу клиникан хIусамехь.

Хьалхо Москварчу Коммунарке вахча, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна санна, уьнах Iалашвен духар тIе а доьхна, гайтина Кадыров.

Оьрсийчохь массо а регионийн куьйгалхойл хьалха ша жоп лучу Нохчийчохь дозанаш дIакъевлира Кадыровс. И сацам шога емалбира Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила, амма иза бисира хийцам боцуш.

ДIадахначу кIиранах Кадыров социалан машанашкахула къовсаме велира Нохчийчуьрчу дарбан хIусамашкахь нах уьнах ларбен гIирс ца тоьу, вирусна дуьхьоло еш юкъабаьхначу барамаша адаман бакъонаш а талхойо, аьлла, артикл арахецначу «Керлачу газетица». Цул тIаьхьа редакцино шен сайта тIера дIаяьккхира юьйцу артикл.

ТIаьххьара болчу хаамашца, коронавирусан ун кхетта ву Нохчийчохь 264 стаг, велла 5, кхин а 1033 вахархо карантинехь ву, ткъа 19 товелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG