COVID-19 кхетта 5 стаг велла Къилбаседа Кавказан регионашкахь дIадахначу дийнахь-буса. Оперативан штабо бечу хаамца, Къилбаседа Кавказехь 242-на совдаьлла цомгушчийн терахь.
Керла дархой уггаре дукха бу Нохчийчохь – 45. Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а COVID-19 уьнах цомгуш хиллачийн терахь ду цхьатерра – 39, Краснодар-махкахь – 34, Къилбаседа ХIирийчохь – 25, Кхарачой-Чергазийчохь – 20, ГIебарта-Балкхаройчохь – 16, Ставропол-махкахь – 12. Уггаре кIезиг бу тIекхиина дархой Адыгейхь а (9), ГIалмакхойчохь а (3).
2019-чу шеран тIаьххьарчу кIиранашкахь Китайрчу Ухань гIалахь иккхина коронавирусан ун. Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь пандемин хьал кхайкхийра дуьненна. Охан-беттан 20-чу дийнахь цамгаро лаьцна вара 2,4 миллион стаг, 165 эзар велла царех. Оьрсийчохь 47 эзар стагах коронавирус хьакхаялар бакъдина, цунах велларг ву 405 стаг.