ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчуьрчу гуламо Iедал дита боху республикан куьйгалхошка


Чельдиев Вадимехьа хIоьттина гулам
Чельдиев Вадимехьа хIоьттина гулам

Санкци йоцу гулам бу БуьритIехь дIабоьдуш. ХIирийчуьрчу протестхоша декхаре бо мехкан куьйгалхой карара Iедал охьадилла. Маршонан майда дIакъевлина меттигерчу полицин а, Росгвардин а ницкъашца, хаам бо "Кавказ.Реалиин" корреспондента.

700 гергга стаг гулвелла гIали юкъа боьдучу новкъахь. Медицинан масканаш а йоьхкина, хьал юьстахара тергалдийраш а бу дукха.

"Битаров, дарж дита!" маьхьарий детта гуламе баьхкинчара. Цара декхарево иза парламент дIасахеца а, шегара дарж охьадилла а.

Меттигерчу полицин лерринчу декъо масийтта гуламхо лаьцна, амма протестхойн аьтто баьлла Iедалан а, парламентан а цIеношна герга кхача. Шайна дуьхьал вола, боху цара Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнга Битаров Вячеславе.

Хьалхо республикера бахархой «маьршачу гуламе» кхайкхира меттигерчу операн артиста, юкъараллин протестан жигархочо Чельдиев Вадима. Экстремизмна дуьхьалоечу центран белхахоша лецира хIетахь Чельдиев. Цунна бехкедо коронавирусах лаьцна харцдерг даржор а, полисхочунна тIелатар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG