ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар дукха бахархой тIекхуьу мохк бу ГIалгIайчоь


2017-2019-чу шерашкахь бахархой массанхьачул а дукха тIекхиина мохк бу ГIалгIайчоь. Дуьйцучу шерашкахь цигара бахархойн совбевлла 5,5 процентна, хаамбо "РИА Новости" агенталло.

Оцу регионал тIаьхьа йогIу рейтингехь Украинера аннекси йина йолу Севастополь (4,8%), кхоалгIаниг бу Ленинградан мохк (4,7%). Оьрсийчохь бахархой тIекхиарца боьалгIачу меттехь лаьтта Нохчийчоь, 4,5% лакхадаьлла цигарчу бахархойн терахь.

Статистикан эксперта, ГIалгIайчуьрчу «Оьрсийчоьнан гIортор» юкъараллин лидера Оздоев Мохьмада шена хетарг элира шайн махкахь бахархойн алссам тIекхуьуш хиларх лаьцна: «Оьрсийчуьрчу статистикана, хьакъ а долуш, критика йо кест-кеста, амма адамаш тIекхиар баккъал а лакхара ду ГIалгIайчохь».

Делахь а, ма-дарра аьлча, 10-12 эзарне кхочу хIора шарахь махкахь тIекхуьучу бахархойн терахь, «ткъа иза 2-3% ю», боху Оздоевс. Цо бахарехь, «Оьрсийчуьра статисташ терахьна юкъа деш лаьтта бераш яздой ца Iа, оцу юкъа язбо, кхечу регионашкахь а бехаш, ГIалгIайчу шайн берашка пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) дIаялийта богIу нах а».

Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчуьрчу юкъарчу терахьал лакхара ду тIекхуьучу бахархойн терахь – хIора 1000 стагна шарахь тIекхета кхузахь 7 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG