ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

50 гуламхо хир ву Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнца юкъарло лелош


БуьритIерчу гуламхошка дIасабовлар дехна церан лидерша. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнца Битаров Вячеславца къамел а дина, цуьнан кабинетера арабевллачу нахах массех стаг вара и дехар мегафонашкахула дIакхайкхош. Цара бахарехь, пандемин хьелашкахь шеца цхьаьна махкара гIуллакхаш листа гуламхойх 50 стаг кхайкхина Битаровс.

Протестхойх дукхахберш реза бацара оцу некъанна: шакарш етташ, юкъахбохура цара гуламан жигархой.

Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, санкци йоцу гулам хилла БуьрийтIехь оршоьтадийнахь. Протестан декъашхоша даржех мукъабовлар бохура мехкан куьйгалхошка. «Битаров, аравала!» бохуш, маьхьарий деттара гулбеллачара, декхаревора иза парламент дIасахеца а, шегара дарж дита а.

Массех де хьалха республикера бахархой «маьршачу гуламе» кхайкхира хIирийн операн артиста, юкъараллин протестан жигархочо Чельдиев Вадима. Экстремизмна дуьхьалоечу центран белхахоша лецира иза. Цунна бехкедо коронавирусах лаьцна харцдерг даржор а, полисхочунна тIелатар а.

Къилбаседа ХIирийчохь карантин ю кхайкхийна. Официало бахарехь, 145 стаг ву махкахь коронавирус кхетта, 2 велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG