ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъаша бохийна БуьритIера гулам


БуьритIерачу Маршонан Майданара гулам дIасалаьллина ницкъаша. Ишта буьйр дина Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Скоков Михаила, шен дехаршка протестхоша ла ца доьгIча.

Шайна дуьхьаллаьттачу полицина шогга дуьхьалойира гуламхоша. ГIашлойн некъах йохку мокхаза гаьргаш а, шишанаш а кхуьйсура наха Iедалан ницкъашна тIе. Полисхоша резаьнкин гIожамаш йиттина протестхошна. Майда яссийна буьйса юлуш.

БуьритIе боьлху некъаш лецна бара, къевлина ю гIалин центр. Полицино сецайора гуламера дIабоьлхучийн машенаш.

Iедалехь болчу куьйгалхошна дуьхьал БуьрийтIехь гулам болийра ХIирийчоьнан бахархоша дийнан делкъехь. Лаххара а ши эзар стаг хилла гулам боьдучу майданахь.

Гулбеллачара декхаребира мехкан куьйгалхой а, парламентан депутаташ а шайгара даржаш охьадахка, хьалхо полицино лаьцна волу протестан жигархо Чельдиев Вадим дIахеца.

Сарахьо протестхойн векалшца къамелдира мехкан лидера Битаров Вячеслава а, гIалин администрацин куьйгалхочо Фарниев Тамерлана а, парламентан декъашхоша а, мехкан цхьацца куьйгалхоша а. Амма царех цхьаьннан а аьтто ца белира гуламхошца бартбан. Гуламхой реза ца хилира шайн хьалханчашца динчу къамелан лорах Битаровс, шайлара 50 стаг а къаставай, шега цаьрца цхьаьна кризис ерзаяйта аьлла динчу дехарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG