ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIехь хилла гулам бахьанехь, ун даржар сихдала мега, боху лоьраша


Митинг во Владикавказе
Митинг во Владикавказе

«Коронавирусан катастрофа» эккха тарло оршоьтадийнахь БуьритIехь хиллачу гуламца доьзна, боху Къилбаседа ХIирийчоьнан санитарин коьртачу лоьро Тибилов Алана.

«Эзарнийн тоба цхьаьнакхетаро COVID-19 дIаса цаяржайойла дац», - элира цо "Кавказ.Реалиига".

Ишта хета республикерчу дуккха а лоьрашна. Масала, ша махкахошка видео чухула къамел деш, БуьритIерачу клиникан коьртачу лоьро Митциев Астана, «ерриг а республиканна кхераме» бу, элира селханлера гулам.

"Тоаме ду гулбеллачарна юкъахь цхьа стаг ун кхетта хилар – ерриг а тоба хир ю цомгуш. Ткъа гуламхойх 10% дарбан хIусаме кхаьчча, юьзина лара еза махкара ерриг а клиникаш. Тоьар яц дарбадан меттигаш. Медикашкара гIо а кхачале, бала буьйлалур бу нах», - дIахьедина Митциевс.

Охан-беттан 20-чу дийнахь республикан Iедална дуьхьал хIоттийначу гуламе веара ши эзар гергга вахархо. Масканаш яцара гуламхойн яххьаш тIехь, яцара ларъеш адамашка вовшашна юкъахь йита боху 1,5 метр дистанци.

Къилбаседа ХIирийчохь 177 стаг ву коронавирус шайца карийна. 15 ву царех халачу хьолехь, 8 стаг товелла, 2 кхелхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG