ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 8 стаг


COVID-19 ун коронавирусах Къилбаседа Кавказерчу бахархошлахь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла бархI стаг.

Падемина духьалоечу Оперативан штабан хаамца, уггаре дукха бу белларш ГIалгIайчохь – 4 стаг. Дагестанехь 2 велла, Ставропол-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца.

Къилбаседа Кавказан массо а регионашна юкъара долчу терахьца, коронавирусах, иза яржа йоьлчхьана схьа велларг ву 40 вахархо.

  • Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахь Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу деношкахь а, Охан-баттахь а юкъаяьккхина карантин. Карара бут баллалц лаьттар ду мукъаденош, къевлина ю яккхий туьканаш, адам алссам гуллуш йолу меттигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG