Оьрсийчохь ах бIе эзарнал сов даьлла ун кхеттачийн терахь, хаам бина коронавирус яржарна дуьхьалоечу Оперативан штабо.
Коронавирусах цомгуш хилла пачхьалкхехь 52763 стаг, царех 29 433 ву Москвара.
Охан-беттан 21-чу денна дуьнентIехь ун хьакхаделла 2 489 000 стагана, кхелхина цунах 170 552, товелла 653 000 стаг. COVID-19 дIасаяьржина 210 пачхьалкхехула.