ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу бахархошлахь 268-ца карийна коронавирус


Кхин а 268 вахархочо COVID-19 лаьцна хилар билгалдаьлла Къилбаседа Кавказехь.

Охан-беттан 21-чу дийнан хаамашкахь коронавирус яржарна дуьхьалоечу Оперативан штабо гайтина тIаьххьарчу дийнахь-буса регионашкахь ун гучудаьллачу нехан терахьаш.

  • ГIалгIайчоь - 46 (354 ерриг а хенахь)
  • Краснодар-мохк - 44 (461 ерриг а хенахь)
  • Дагестан - 40 (371 ерриг а хенахь)
  • Нохчийчоь - 39 (303 ерриг а хенахь)
  • Къилбаседа ХIирийчоь - 32 (211 ерриг а хенахь)
  • Ставропол-мохк - 22 (266 ерриг а хенахь)
  • Кхарачой-Чергазийчоь -19 (106 ерриг а хенахь)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь -18 (170 ерриг а хенахь)
  • Адыгей - 8 (108 ерриг а хенахь)

Верриг а уьно лаьцнарг ву Къилбаседа Кавказехь 2350 стаг.

Оьрсийчохь, Оперштабо бахарехь, 52763 вахархочуьнца хааелла COVID-19.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG