ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пачхьалкхана шун цIерш а, адресаш а хаьа". Муха яздийр ду коронавирусах бакъдерг?


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а. Соьлжа-гIала, 2008
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а. Соьлжа-гIала, 2008

ТIаьхь-тIаьхьа кхераме даьлла коронавирусца йоьзна теманаш зорбане яхар, аьлла, яздо "Сибирь.Реалии" проекто. Маситта де а ду оьрсийн журналисташа "Новая" газетана а, цуьнан журналистна Милашина Еленина а Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тийсинчу кхерамех лаьцна дийцареден. Нохчийчохь коронавирусца латточу къийсамех Милашинас язйина артикл ца тайнера Кадыровна. Инарла прокуратуран тIедожорца, материал зорбанера дIаяьккхина редакцино.

Сибирь.Реалии сайтан корреспонденташа масех регионалан журналисте хаьттира, керла тIеэцначу, хIинцале а жигара болх бечу, эпидемех лаьцначу фейкашна дуьхьалдаьккхинчу низамах царна хетачух а, Кадыров Рамзанна а, "Новая" газетана а гонах иккхинчу ситуацех а лаьцна.

Пандеми яржарх билггал дийца йиш а юй-те, Iедалхойн кхерамех а, тIеIаткъамех а ша а, вовшийн а ларбойла а дуй-те?

"Тхуна дисинарг ду - мохь беттар!"

Оьрсийн Свобода Радиоца еххачу хенахь болх бечу Санкт-Петербургерчу журналисто Вольтская Татьянас дукха хан йоццуш интервью эцнера лоьрера-реаниматологера, гIалин могушалла Iалашъяран системехь лаьттачу гIад дайначу хьолах: говзанчаш а, ИВЛ аппараташ а, масканаш а, каранаш а ца тоарх. Социалан машанашкахь жигара яьржира и текст, хьем ца беш Татьяне телефон туьйхира ницкъаллийн структурашкара.

Журналист Вольтская Татьяна
Журналист Вольтская Татьяна

- Оцу лоьро шен цIе хьулйина, дийцина дара и дерриг а. Ткъа ас цо мел дийцинарг дIаяздира. Цо далхийнарг харц ду аьлла, цхьа а шеко яцара сан. Соьга телефон туьйхира полисхочо, сан неIарехь лаьтташ ву ша, талламчашна тIекхойкхуш кехат дохьуш веана ша аьлла.
Ас боху, со цигахь яц, сайн берашца гIалин арахьарчу хIусамехь (дача) ю со. Цул тIаьхьа талламчас ша телефон а тоьхна, къамелдан тIекхайкхира со. Ас дуьхьало йира - карантинан раж йохо йиш яц сан, гIала ян гIуллакх дац аьлла. Хьоьга хьан динера и къамел хаьттира соьга. Ас лоьран цIе йоккхур яц элира. "Факташ юй хьаьжирий хьо?" Ас боху: хIун факташ? Со талламбеш ма яцара, аса йинарг интервью ма ю.

- Хьуна хIун аьлла хета, журналистана тIеIаткъамбар дуй иза?

- Ду. Хьо нийса кхетал, тхо талла гIерташ ду, муьлхачу дарбан хIусамехь ду и хьал боху соьга. Дарбан гIишлош дукха ю, уьш ерриш а теллина тхо девр дац. Моьттур дара, шайн болх аттачу баккха уьш гIерта. Нагахь санна, ишта хиллехь а, совнах хеттарш стенна дора цо соьга?

"Интервью еллачу стагаца зIе муха хилира хьан? Цуьнан а, цо болх бечу меттиган а цIе яккха йиш юй хьан? Ахь айхьа ийцирий интервью? Маца, стенгахь? ХIун бен ду маца, муха эцнехь а?!

Интервью зорбане яккха ши де дисинчу хенахь губернаторо Бегловс официалехь информаци елира Путинна, 1618 ИВЛ (пехашна нуьцкъала хIаваъ тохаран) аппарат тоьаш яц аьлла. Цунах лаьцна массара а яздира тIаьхьо, иза бакъ дац а бохуш.

Могушалла Iалашъяран Комитетера комментарий йийхира ас, интервью еша а еше, цунах хетарг алахьара аьлла. Шаьш сиха дохкуш ду, йиш яц аьлла, жоп делира цара. ТIаккха хаьттира ас: гIалахь реаниматологаш тоаме буй аьлла? 200 гергга ву элира цара. ТIаккха бакъ ма ду сан интервьюхь дийцинарг а.

Бастрыкинан тидам тIебахана ю и материал элира соьга талламчас. Иза ишта делахь, масканаш йохкий, хьовса коьртачу лоьран белхан графике а, цо мел къахьоьгу а - хала хIун ду цигахь? Соьга стенна хоьтту ?

- Журналистийн болх халонга баьккхиний тIеэцначу "коронавирусах фейкаш" низамо?

- Экстремизмах тIеэцначу низамо а санна, Iаламат чолхе баьккхина. Суна хетарехь, хIинца уггар а боккха бехк бу Iедалхойн кху ситуацехь - лоьрашна вирусах ларбала оьшу гIирс цахилар. Соьца къамел динчу турпалхочо ма-аллара, коьртачу лоьро миллионашкахь ахча оьцу, ткъа лоьрашна кепекаш кхочу. Комплектацина тIехь а, лоьрашна тIехь а кхоош ду ахча.

- Нохчийчуьрчу коронавирусах "Новая" газетано зорбане яьккхина публикаци бахьана долуш, оцу материалан авторх а, йоллу редакцех а лаьцна Кадыров Рамзана аьлла дешнаш муха тIеийцира ахь?

- Суна хетарехь, оцу хьоло юха а гойту сингаттаме сурт: Iедалхошна мостагIий хета журналисташ а, бакъонашларъярхой а - берриг а, шаьш лелориг низаман гурашка даккха мел гIертарш. Тхуна, журналисташна, дуьсург ду - мохь тоьхна дийцар, яздар цу кепарчу хиламех. Ишта бен ларлойла дац тхан,- боху Петербургерчу журналисто Вольтская Татьянас.

"Лоьраш Iадийна бу"

Томскан кIоштан губернаторо Жвачкин Сергейс дIахьедира, интернетехь яржийна коронавирусах лаьцна информаци йийцаре еш, тахана тIехIоьттинарг "тIеман зама" ю ала тарло, пачхьалкхана "шун цIерш хаьа, адресаш девза", нагахь "дозанал дехьа довлахь, шу совцо декхаре ду тхо" аьлла.

Томскан "ТВ2" информацин агенталлан коьрта редактор ву Мучник Виктор. Масех шо хьалха Iедалхоша тIеIаткъамбарца дIакъевлинчу "ТВ2" телеканалан хилла редактор ву иза. Цхьа а хIума тергал а ца деш, хIинццалц а санна, болхбан дагахь ву иза.

TV-2 хьостан редактор Мучник Виктор
TV-2 хьостан редактор Мучник Виктор

- Эпидемех лаьцначу фейкех низам стенна тIеэцна ду аьлла хета хьуна?

- Дуккха а шерашкахь шаьш кхоьллинчу дуьненехь бехаш бу депутаташ. Хьаькамийн интересашкахь Iорайоккху информаци а ю цигахь, "нийса" информаци. Ю ишта, хьаькамийн мостагIийн интересашкахь яржош йолу "харц" информаци а. Царна хетарехь, кхин информаци ян а яц. Цундела, царна моьтту, и йоллу "харц информаци" пачхьалкхел а арахьара чуйохьуш ю, я Навальныйс, я режиман кхечу мостагIаша яржош ю, и сацон а еза аьлла. Цундела хьакамаша цу тайпа муьлхха а инициатива къобалйийр ю.

ТВ2 а, со а Iемина дуккха а шерашкахь, Iедалхоша лаг а лаьцна, болхбан. Пачхьалкхан Думано хIуъа а низам тIеэцахь а, тхаьш хьалха ма барра болх беш схьадогIу тхо.

Оцу низамаша информаци лохуш новкъарло ца йо, мелхо а и тIечIагIъеш хьем бо. Ткъа медицинехь цкъа а атта дацара, сфера къевлина ю, лоьраш Iадийна бу. Со суо а ву лоьрийн доьзалера схьаваьлла, тхан цIийнах дукха лоьраш хилла. Цул сов, сан бевза-безачу нахалахь а бу дуккха а лоьраш.

Эпидеми йолаелча, ИВЛ аппараташ тоьаш юй-те хаа гIоьртира тхо. Сайна бевзачаьрга телефонаш йиттира ас. Царех цхьаммо шога элира соьга: хIаъ, тоьаш ю, са ма гатде. Суьйранна юха телефон туьйхира цо. ТIаккха соьга кхечу озехь дийцира, персонал тIетоьаш цахиларх а, Стигалкъекъа-баттахь Путина арахецна омра кхочушдархьама санитаркаш горгамаш хьоькхучарех дIатохарх, ткъа медйижарех санитаркаш барх.

- Доцца аьлча, болх бан хала ду-кх?

- ХIинца ситуаци Iаламат чолхе яьлла - олийла дац. Могушалла Iалашъяран министралло а жоьпаш ло тхуна, цхьацца информаци а кхочу тхоьга. Вуьшта атта а дац. Нагахь санна, хIара ситуаци 1990-2000-чу шерашкахь хIоьттина хиллехь, хьолах жоьпе болу нах хир бара тхан студехь, хьовсархошца къамеле бевр бара уьш. Долчух ма-дарра дийца цхьа некъаш карор дара тхуна а. ХIаъ, цхьацца хьасташ ду тхан, амма халкъ доьхна ду. Ма-дарра аьлча, харц информаци а яьржа. Иза бакъ ду, я дац хьовсуш, дукха хан дIайоьду тхан. Ишта-м официалан информаци а дикка зуьйш хуьлу тхо.

- Кадыров Рамзанан "Новая" газетаца, цо зорбане яьккхина артикл бахьана долуш, лаьттачу конфликтах хезний хьуна?

- Дера хезна. Ас Iаламат чIогIа сагатдо сайн коллегашна, цхьаболчаьрца доттагIалла а ду сан. Дуьххьал дIа кхерамаш тийсар ду иза, чIогIа эргIадвохуьйту хIума ду иза. Вайн Iедалхошна цкъа а ца го, оцу регионехь кест-кеста хуьлург. Коллегаша хаамаш баржон беза цигахь хуьлучух.

"Царна гуш хуьлу и сиз цIен цахилар, цундела цунна паргIат тIехбуьйлу"

Новосибирскерчу "Тайга.инфо" хьостана хIинцале а арз дина прокуратуре, коронавирусах харц хаамаш зорбане баьхна аьлла.

Мазур Алексей
Мазур Алексей

Тайга.инфо хьостан журналисто Мазура Алексейс дуьйцу:
- Тайга.инфо хьостано, коронавирус ю аьлла, шеконаш йолчу цхьана зудчун дийцарехь, текст зорбане яьккхинера. Лоьраш баьхкина хиллера иза йолчу, цо ма-бохху, ун ца далийта оьшу гIирс а боцуш. Новосибирскан лоьрийн сихаллин орца кхачочу бригадан куьйгалхочо арз динера цара яздинчунна Роскомнадзоре а, прокуратуре а.

Цхьа хан яьлча, оцу бригадерчу фельшерца коронавирус къаьстира. COVID-19 вирусца бу аьллачу нахана тIе вахна хиллера и лор. Массара а лелош йолу маска хиллера цуьнгахь, респиратор а йоцуш.

Кхин цхьа хилам бара. Алтайскан кIоштахь ОРВИ цамгар кхетта зуда хиллера. Маситтазза шена тест яхьара баьхнера цо. Амма дуьхьало йора. Шена гIоле ма хиллина, Горный Алтай олучу меттигерчу шен гаргарчу нахе яханера иза. Цигахь боллу доьзална ун даьлла хиллера цунах.

Тхоьга цхьаммо а дуьйцуш дац, Оьрсийчохь эпидеми эшон мел ницкъ бу вайн, хIун Iалашо ю. Я Китайхь санна карантинца сацор, я Тайванехь санна пачхьалкхан чу ца юьтур, я Къилба Корейхь санна контролехь латтор ю.

ХIун план ю? Мел мах бу? Дера официалан информацех шеконаш ма ю, Iедалхоша бан богIу болх беш бац хаамийн гIирсашца.
Тхан регионехь маса, хьанна тесташ йина? Тхоьга хоуьйтуш дац.

- "Новая" газетерчу шайн коллегийн Кадыров Рамзанца иккхина конфликт гуш, хIун дан ницкъ бу профессионалан юкъараллан?

- Цкъа делахь, тхо профессионале юкъаралла хиларе терра, тхо тIехIитта дезаш ду царна, ишта дешан маршо къийса а еза. Кадыровх лаьцна шайна хетарг аьлла а, тIаьхьа гечдар дехна а дукха нах бевза суна. Масала, Красноярскан кIоштара депутат Сенченко.
Кхузахь коьрта реза цахиларш Кадыровга дац, федералан Iедалхошка ду. Оцу республикан куьйгалхойн Iедал ду, низамийн чIагIалла а, мегарг, ца мегарг а зуьйш. Царна хьалха ахь цIен сиз хьаькхча, цунна тIех а бовлий, ладоьгIу цара, кхин дIа хIун хуьлу хьоьжуш.
ЦIен сиз доцийла хиъча, паргIат кхин дIа боьлху уьш. Федералан Iедало а, Конституцин гаранто а иза могуьйтуш хилар ду вон.

"Шайна товш боцу журналисташ новкъара баха бахьана ду"

Бухтуева Мария
Бухтуева Мария

Бухтуева Мария, Красноярскан ТВК телекомпанин коьрта редактор:
- Фейкашца къийсам латто цхьа барам бу: бакъйолу официалан информаци гучуяккхар. Шаьш Iедалхоша а дан дезаш хIума ду иза. Ткъа кху заманчохь цуьнца доьзнарг вуно чолхе ду.

Политикашна а, парламенташна а, ницкъаллин структурашна а, кхийолчу организацешна а дицделла, шаьш дол-долчехь шайггара хьесапаш дан. Цундела лортIехь, шен хеннахь комментари эца аьтто ца болу.

Фейкех лаьцна статья стенна юкъаяьккхина ю? Шайна хеттарг чекхадккхархьама. Оцу бахьанашца церан аьтто хир бу шайна цатовш болчу журналисташна бекхам бан. Хьекъалца, кхетамца хаамийн гIирсашца юкъарлонаш лело ца лаьа Iедална. Цхьаъ дан деза, журналисташа, Iедалца ойла цхьана ца йогIу нах а "ямартлойн" могIаршка бохуш, Iедало юкъаяьккхинчу модана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG