Операн артистна, оппозиционерна, шех юкъаралло «ковид-диссидент» олучу Чельдиев Вадимна «дешан маршо зуламе ерзорна» гIуда тоьхна.
75 эзар сом охьадилла декхаревина иза кхело, цо коронавирусах лаьцна «наханна зуламе йолу информаци яржорна». Ишта хаамбина "Кавказ.Реалиига" артистан адвоката Кульчиев Батраза.
Адвокато бахарехь, Охан-беттан 20-чохь БуьритIера гулам бирзича, Пятигорскерчу изоляторе вигина иза.
"Ас агIолаьцначо шеконе биллинера Италехь беллачу нехан дукхаллах болу хаам. Тхан даренех ца тешна кхел. Оха арз дийр ду сацамна», - элира Кульчиевс.
Оппозиционера Чельдиевс шен социалан машанерчу агIонашкахь "коронавирус яц яьржина лелаш", "республикера дерриг а Iедал даржех мукъадаккха деза", аьлла, кхайкхам баржийнера хьалхо. Охан-беттан 20-чу дийнахь БуьритIехь 2 эзар гергга стага гулам хIоьттийра.
Петербургехь массех де хьалха, "коронавирусах фейкаш яржорна" лецира 38 шо долу Чельдиев. Цо кху беттан 17-чохь, тIе а летта, йиттина, бохура, ша лаца баьхкинчу экстремизманна дуьхьалоечу центран белхахойх цхьанна. Шина баттанна изоляторехь латто сацамбира кхело. Цул тIаьхьа вигина Чельдиев Петербургера Пятигорске.
Охан-беттан 21-чу дийнахь мацалла кхайкхийна лаьцна кхобучу ковид-диссиденто.