ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РБК: тIебогIучу беттан дезаденошкахь а лаьттар ду изоляцин хьал


Оьрсийчуьра карантин дIаяхлур ю, тIедогIу Стигалкъекъа-беттан дезденош юкъа а лоцуш. Коронавирусан пандемица йоьзна и сценари, хила мегачех а лоруш, йийцарейо Iедало, боху РБК-агенталло.

Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчохь мукъа хуьлу 8 де: 1-ра - 5 гIа а, 9 -11-гIа а. Оцу шина даздаршна юкъахь белхан ларалуш долу денош – уьш кхоъ хуьлу – мукъадита тарло Iедало, яздо агенталло.

ШолгIа вариант а ю Iедало йийцарееш: Стигалкъекъа-бутт юккъе кхаччалц карантин дIаяхъяр. Я хила мега карантин Мангал-бутт юккъе кхаччалц, боху РБК-но.

XS
SM
MD
LG