ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«ЦIена корта. Юхаяла коронавирус!» флешмоб шорлуш ю Нохчийчохь


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша кIунзал а волуш, «ЦIена корта. Юхаяла коронавирус!» болам болийна шен гонашкахь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цуьнгара масал а оьцуш, кортош бошуш бу махкара хьаькамаш, Iедалхой.

Оршотан дийнахь коронавирусна дуьхьалоечу оперативан штабан кхеташонехь цхьана вахархочо хаьттира Кадыровга, хIун дара-те махкахь парикмахерскеш схьайиллича, аьлла. Дика хир дара массара а кортош даьшча, жоп делира республикин куьйгалхочо.

Шинарин дийнахь Инстаграмерчу шен агIонтIехь гучувелира Кадыров, баьшна корта а болуш. «Куьцан салонаш къевлина ю, цIахь парикмахерскеш яц», бохура цо, ша стенна кIунзал ваьлла хоуьйтуш.

"Вай дайша хIарра деш хилла, коьртаниг, Пайхамара шинара кхааре доьрзучу хенахь бошуш хилла шен корта», - элира Кадыровс.

Эццахь мехкан куьйгалхочуьнгара масал эца буьйлабелира Нохчийчуьра Iедалхой, социалан машанашка, ша-ша кIунзал ваьллийла хоуьйтуш, суьрташ а хIиттош.

Массарел жигара хьаьвзина Кадыровна уллера хьаькамаш. Царел тIаьхьа ца буьсу мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера а, тIеман министраллера а белхахой.

Ватсапехула даьржина лела полицин цхьана хьаькамо шен белхахошка, сихха кортош даша, бохуш, ден буьйр.

Дагадаийта догIу Дечкен-баттахь Шелан кIоштан администратор Ибрагимов Турпал-Iела шен балха корта а баьшна вар а, цо изза дан шен куьйга кIелхьарнаш декхаребар а, цара омра кхочушдар а.

Охан-беттан юьххьехь дихкина Нохчийчоьнан бахархошна чу-ара, нахана юкъабийла. Кху беттан 17-чу дийнахь, коронавирус кхеттачу нехан могIарш шорбала боьлча, шагйира республикехь карантин. Дихкира бахархошна гIаш я машенашкахь цIера арабийлар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG