ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 9 стаг велла коронавирусах


Тахана, Охан-беттан 22-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан коронавирусна духьалоечу штабо бечу хаамца, тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 стаг: ГIалгIайчохь а, Краснодар-махкахь а – кхоккха, Нохчийчохь, Ставропол-махкахь, Адыгейхь – цхьацца.

Коронавирус яьржичхьана схьа оцу уьнах Къилбаседа Кавказехь делла 49 адам. Уггаре дукха ду оцу цамгарх баларш ГIалгIайчохь – 12 стаг.

Охан-беттан 21-чу денна COVID-19 ун кхетта дуьнентIехь 2 566 000 гергга наханна, велла 177 789, товелла 7 бIе эзар гергга стаг. 210 пачхьалкхехула яьржина коронавирус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG