ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХьаьжцIа баханарш юхабалош кема деана ХIинжа-ГIала


Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 230 вахархо ву, СаIуда Iаьрбийчохь Iумрат а дина, ХIинжа-ГIала кеманца юхабаьхкиначаралахь. Коронавирус яьржина хиларна, цIа ца бахкалуш, хьебелла Iийна уьш Малхбалехь.

Кеманна дуьхьал бахара халкъан хьаштийн «Роспотребнадзор» урхаллин векалш. "Пассажирашна масканаш а йоькъур ю, уьш тергоне а оьцур бу. Тепловизорх чекхбевр бу массо а», - бохура "Кавказ.Реалиига" Роспотребнадзоран белхахочо.

Тепловизорх чекхбаьхначул тIаьхьа, и нах хьовсор бу зен а, 14 денна изоляцехь Iан а, хаамбира аэропортан пресс-векалто.

Охан-беттан 1-чу дийнахь юкъаяьккхира коронавирусан карантин Дагестанехь. Иза лаьттар ю, луларчу республикашкахь а санна, пандеми лахъяллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG