ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелхина Талхигов Зоврбек. Дубровкерчу терактца доьзна вевзара иза


Дубровка, "Норд-Ост", 2002 шо
Дубровка, "Норд-Ост", 2002 шо

Охан-беттан 21-чу дийнахь гоьбевллачу бакъоларъярхоша, юкъархоша Ганнушкина Светланас а, Шендерович Виктора а, Санникова Еленас а, Трепашкин Михаила а шайн фейсбукан агIонашкахь хаийтина Нохчийчуьра схьаваьлла волу, Дубровкера театран центр нохчаша дIалацарца доьзна ша цхьаъ бен бехкевина а воцу Талхигов Зоврбек кхалхарх лаьцна.

Жигархоша яздарехь, 2002-чу шарахь Пачхьалкхан Думин депутатан Аслаханов Асламбекан дехарца Талхигов вахана лаьцна кхобу театр йолчу. Москвахь а, гонаха а бехачу нохчашка, театрна го а бай, цунна чуьрчу террорхошка Iедалан карабахар хьеха, аьлла бара хIетахь Аслахановс бина кхайкхам.

Депутатан дехарца, цо еллачу телефонан ноьмарца Талхиговс къамелаш дина террорхойн баьччица Бараев Мовсарца, дехна театр чуьра закъалтхой дIахецар. Шен къамелаш Талхиговс, уллехь Iедалан низамхой а болуш, уьш реза а болуш, дина.

Дубровкехь хиллачу тешаша дийцарехь, аьттонца деш хилла Талхиговн бертан къамел. Масала, цунна а, цунна уллехь лаьттачу Украинин Радин депутатна Беспаловна а лецначаралахь болу украинахой дIахеца дош делла а хилла Бараевс.

Амма ца витина Талхигов бертан къамелаш дерзо. ТIемалошца телефонехула зIе кхобуш волу иза лаьцна ФСБ-но, бехкевина террорхошца бертахь хиларна.

2003-чу шеран Мангал-беттан 20-чу дийнахь Москвахь кхело набахтин луьрачу хьелашкахь такха 8 шо кхайкхийра 25 шо кхаьчначу Талхиговна, иза террорхошна гIодинчийн декъа а вуьгуш.

2002-чу шеран ГIадужу-беттан 23-чу дийнахь нохчийн тIемалоша, коьртехь Бараева а волуш, дIалецира Москварчу Дубровкера театр, цигахь «Норд-Ост» мюзикл йоьдучу юкъанна. Закъалтехь бара 900 сов хьовсархой а, театран белхахой а. ГIишлонна минанаш а йоьхкина, массех дийнахь лецна кхебира нах тIемалоша. ГIадужу-беттан 23-чу дийнан Iуьйрана Iедалан ницкъаша штурм йолийра театрна. Кеп-кепара йолчу информацица, белира нах 130-нна тIера 174 кхаччалц, мукъабаьхначех дарбан хIусамашкахь велира 119 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG