Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхетта билгалваьлла 252 вахархо.
Коронавирусна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, уггаре дукха бу ун лаьцначаралахь дагестанхой.
Охан-беттан 22-чу денна цомгуш хиллачех лаьцна Штабо яржийначу информацера ду хIара терахьаш:
- Дагестан - 46
- ГIалгIайчоь - 43
- Кхарачой-Чергазийчоь - 39
- Къилбаседа ХIирийчоь - 34
- ГIебарта-Балкхаройчоь - 23
- Ставропол-мохк - 11
- Краснодар-мохк - 20
- Нохчийчоь - 20
- Адыгей - 5
Верриг а уьно лаьцнарг ву Къилбаседа Кавказехь 2557 стаг.
Оьрсийчохь, Оперштабо бахарехь, 58010 вахархочуьнца хааелла COVID-19.