ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн бакъонаш совъяха доллу Iедал


Полицех долу низам шорден, цуьнан белхахойн бакъонаш лакхайоху проект кечйина Оьрсийчоьнан министрийн кабинето. Полисхошна шайгарчу герзах пайдаэцар, гIишлошна гобар, машенаш еллар, гуламаш боьлху меттигаш гонелацар аттачу доккху Iедало кечдинчу документо. Оцу хьокъехь кечйина проект а йовзуьйтуш, хийцамех лаьцна хаам баржийна "Интерфакс" агенталло. Цо бахарехь, цкъачунна Пачхьалкхан Думе хьажонза ду документ.

Проекто герз тоха бакъо ло полисхочунна ша лоцуш волу стаг шена тIекхета воллу аьлла хеттачу муьрехь. Документо бахарехь, полисхо жоьпе озавойла дац цо белхан хьелашкахь динчунна.

Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран «Агора» тобано билгалдоккху Оьрсийчохь тIаьххьарчу шерашкахь шайгарчу бакъонел совбовларна набахтешка хьийсийначу ницкъхойн терахь лахделла хилар.

2009-чу шарахь набахте хьийсийна полисхой 641 стаг хиллехь, 2019-чу шарахь и терахь лахделла 2,5-зза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG