ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь виъ стаг велла COVID-19-ннах тIаьххьарчу дийнахь-буса


Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах дийнахь-буса 4 стаг кхелхина Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалояран штабо бечу хаамца: Краснодар-махкахь - кхоъ, ГIалгIайчохь – цхьаъ.

Ун даьржичхьана схьа Къилбаседа Кавказехь беллачийн терахь кхаьчна 55-нне. Массанхьачул дукха ду баларш Краснодар-махкахь – 14 стаг. ШолгIа мохк бу ГIалгIайчоь – 13, цул тIаьхьа йогIу Дагестан – 11.

Официало даржочу терахьашца, Нохчийчохь кхелхина коронавирусах 6 вахархо. Ставропол-махкахь беллачийн терахь ду 5. Адыгейхь 3 велла, Къилбаседа ХIирийчохь – 2, ГIебарта-Балкхаройчохь - 1.

Дуьненера хьал зийча, коронавирус уггаре дукха яьржина пачхьалкх ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ - 824,8 стаг. Цул тIаьхьа йогIу Испани (204,1 эзар), Итали (183,9 эзар), Франци (159,2 эзар), Германи (148,4 эзар).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG