ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIехь гуламхой полицех латар ша талла йоллу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта аппарат


Оьрсийчоьнан Талламан комитето шега дIаэцна БуьритIера гулам дIасалоллучу муьрехь нах полисхошна тIелетарца доьзна долийна бехктакхаман гIуллакх, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

Гуламхоша тIулгаш а, шишанаш а детташ лазийна 13 полисхо, царах пхиъ охьавиллина дарбан хIусаме, хаам бина Талламан комитетан Къилбаседа ХIирийчуьрчу урхалло.

"Карарчу хенахь толлуш ю гуламехь яьхна видеош. Цкъачунна цхьа а бехке вина вац. Амма хала хир дац харцхьа лелларш а, церан хьалханчаш а билгалбаха. Видео телефонаш тIе яхарал а совнаха, Маршонан майданахь хIиттийна тергамбен камераш а яра гулам боьдучу хенахь хуьлург дIаяздеш», - аьлла полицин векалша "Кавказ.Реалиига".

Охан-беттан 20-хь санкци йоцу гулам хIоьттира БуьритIехь. Сарахь меттигерчу полицино а, Росгвардин дакъоша а, нахана дуьхьал шайгара турсаш а туьйсуш, мукъаяьккхира майда протестхойх. Амма и барам полисхошна чекхбаккха дуьхьалойира цу акцин декъашхоша, тIулгаш а, шишанаш а кхуьйсуш. Оцу бахьаница бехктакхаман гIуллакх айдира меттигерчу Талламан комитетан белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG