ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бутт ца гина Дагестанехь. Марханаш лацар тIаьхьатеттина


СаIудийн Iаьрбийчоьно Рамаданан хьалхара де кхайкхийна Охан-беттан 24-гIа де, пIераска. Долийна марханаш кхаба.

Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташоно а къастийна хIокху пIерасканца марханийн юьхь. Цхьа Дагестанан динан урхалла йоцург, резахилла оцу сацамца массо а Къилбаседа Кавказера республикаш.

Дагестанехь Рамадан-бутт болало кхана, Охан-беттан 25-чу дийнахь. Цигарчу Iеламчаша, еарийн буса стигалахь бутт ца гина шайна, боху. Ткъа шайн мехкан муфтиятца реза а ца хилла, пIераскан дийнахь марха лаьцнарш а бу дагестанхошлахь.

ХIинжа-ГIаларчу "Тангим" маьждиган имама Раджабов Ниматуллас социалан машанашкахь дIахьедина, СаIудийн Iаьрбийчохь «керла бутт гина, иза ду Рамадан болабелла хиларан тоьшалла», аьлла.

Рамадан – бусалбанашна марханаш кхабар тIедожош бутт бу. Исламан пхеа фарзах цхьаъ ду оцу баттахь марханаш кхабар. (Дисина диъ фарз: АллахI цхьаъ вар, Мохьаммад Пайхамар бакъвар; закат далар; пхи ламаз дар; ХьаьжцIа вахар).

2020-чу шарахь Рамадан Оьрсийчохь доладелла Охан-беттан 24-чу дийнахь, лаьттар ду Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийне кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG