ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело шагдина гIалгIайн протестан жигархошна дина таIзар


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ставропол-мехкан кхело шагдина стохка Магасехь хиллачу гуламехь Росгвардин ницкъашна гIело ярна бехкебинчу гIалгIайн жигархошна хьалхарчу кхело къастийна таIзарш, хаам бо "Мемориал" центро.

Аппеляци еш, кхело хийцина девнан фигуранташна хан такха къастийна кепаш, шогачу хьолан набахтешка бахийта кхачийна уьш. Хьалха къастийначу бехкашна тIетоьхна гулам лаьттачу хенахь цара мехкан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекаца политикан буха тIехь мостагIалла лелор.

Иштта, набахтин хьелаш шаг а деш, хьалхарчу инстанцин кхело тоьхна хенаш тIечIагIйина Ставропол-мехкан кхело.

Аушев Асланнна хан тоьхна 1 шо 8 бутт набахтин юкъарчу хьолехь яккха,
Бадиев Адамна — 1 шо 10 бутт,
Бапхоев Зеламхина — 1 шо и 6 бутт,
Нальгиев Аьхмадна — 1 шо и 9 бутт,
Хамхоев Геланина — 1 шо и 9 бутт,
Хамхоев Зубайрна — 1 шо и 8 бутт.

ГIалгIайчуьрчу бакъоларъечу «Машр» юкъараллин куьйгалхочунна Муцольгов Мохьмадна хетарехь, я митингах долу бехктакхаман гIуллакх а, я кхелан сацам а бац низамца богIуш.

"Иза политикаца доьзна айдина гIуллакх ду, репрессийн керла мур бу. Халкъ кхерош ден таIзар ду. Iедалан мукъ бу репрессеш, Iаткъамбар, дискридитаци. Суна теша лаьа, хIинца кхело таIзарш шагдар доьзна дац БуьритIехь деношкахь иккхинчу протестан боламца бохучух", - элира Муцольговс.

Стохка, Охан-баттахь, гулам хIоьттира Магасехь. Цуьнан декъашхоша шайн мехкан а, Нохчийчоьнан а Iедалш бехкедира шина мехкан дозанаш къастош бертан документ арахецарна. Цуьнца доьзна мехкан куьйгалхо Евкуров декхаревора гуламхоша дарж охьадилла. ШолгIачу дийнахь протестхоша духьалойира шаьш дIасалахка баьхкинчу Iедалан ницкъашна, вовшахлетира оппозионераш а, полисхой а.

Таханенна 40 стаг ву низамаш талхорна бехктакхаме озийна. Биъ бутт бу кхелашкахь гIалгIайн оппозиционерийн девнаш луьсту. 4 батта тIера 22 батте кхаччалц ю протестхошна набахтехь такха етташ лаьтта хенаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG