ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла ши стаг. COVID-19 гучуяьлла кхин а 365-нца.


ТIаьххаьрчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла ши стаг, и лазар карийна кхин а 365 вахархочуьнца.

Коронавирусна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, белларш бу Краснодар-махкара. Ун даьржичхьана схьа велла Къилбаседа Кавказехь 57 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус регионехь массанхьачул а дукха хааелла Дагестанехь – 113 вахархочуьнца.

Иштта ю статистика:

  • Дагестан +113 (юхьанца дуьйна схьа 567)
  • Краснодар-мохк +84 (623)
  • ГIалгIайчоь +38 (474)
  • Х1ирийчоь +33 (275)
  • Ставропол-мохк +26 (358)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +25 (243)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +25 (194)
  • Нохчийчоь +18 (365)
  • Адыгей +3 (117)

Верриг а коронавирус кхетта хаавелла Къилбаседа Кавказехь 3216 стаг.

Оперативан штабан терахьашца, Оьрсийчохь ун кхеттарг ву юхьанца дуьйна схьа 68 622 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса COVID-19 гучуьялла Оьрсийчоьнан 82 регионерчу 5849 стагехь. Хьалхарчу меттехь ю Москва – 2957 стаг. ШолгIаниг - Москва-мехкан к1ошташ, 611 вахархо. Кхоалг1аниг – Петербург, 253 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG