Зорба тоха
Евробертан арахьарчу гIуллакхийн урхаллина юкъайогIучу дезинформацина дуьхьалояран тобано керла дIахьедар даржийна Европерчу пачхьалкхашкахь коронавирусах лаьцна харц хаамаш баржоран хьокъехь.
Документо бахарехь, Евробертан а, цунна гонахарчу а пачхьалкхашкахь баржина "фейк-хаамаш" кечбен кампани, уьш арахьоьцурш дукха хьолехь Кремлехьа, ткъа наггахь Китайгахьа болу хаамийн гIирсаш а, блогераш а бу.
Эпидемица доьзна уггаре хьалха яржош ю "бертахь ун юкъадаккхарх" йолу фейк. Коронавирус кхераме яц я иза цхьацца Iалашонаш кхочушъян кхоьллина, олий, дIасахьежош ю и фейк. Иштта шуьйра даржош ду цхьа а Iилма бухахь доцу "дарбанаш" а.
Кхин а цхьа фейк ю зIенан технологех хьакхалуш - 5G станцеш кхераме ю, цара коронавирус дIасахьо, аьлла ю иза. Оцу фейкех иэйина яржайо политикан буха тIехь кхуллу дезинформаци а - Европан мехкашкара дуккха а гIалаташ дуьйлу, ткъа вуно дика кхиамаш боху Оьрсийчоьнано а, Китайно, аьлла ю иза.
Оьрсийчоьно эпидемица йоьзна дезинформаци яржайо аьлла дара Евробертан куьйгалло Зазадоккху-баттахь даржийна дIахьедар а.
Коронавирусца йоьзна дезинформаци яржош хиларх лаьцна дIахеьдарш дина кху муьрехь Американ Цхьаьтоьхначу Штатийн къайлахчу сервисаша а. Трампан администрацино коронавирусна дуьхьалоеш бечу балхах лаьцна харц информаци яржош хьийза Китайра агенташ, бохура дукха хан йоццуш Цхьанаьнатоьхначу Штатийн талламан хьукматаша, дуьйцу "Американ Аз" зорбан гIирсо.