ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Милашинас арздина Талламан комитете Кадыровс шена кхерамаш тийсарх лаьцна


"Новая газетин" журналиста Милашина Еленас Талламан комитете арздина, шена Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу, аьлла.

Ша оцу хьокъехь духхьара дац арздар, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а ер ю ша, аьлла «Эхо Москвы» радиога Милашинас.

Охан-беттан юккъехь Кадыров Рамзана шога къамел дира "Новая газетах" а, Милашинах а лаьцна. Бахьана дара, Нохчийчохь коронавирус кхетта нах хьийзабо, аьлла, журналисто шен газетехь яздар. Милашинас бохура, "Кадыровс нахана а хезаш, террорхойн мог1ара баьхна иштанаш, оцу хьоле хьажжий, къовсам латтабе цаьрца", аьлла", оцу бахьанийца "нах шайна цамгар кхетта хилар лечкъо боьлла".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо "Новая газета" бехкедира "ц1енна аьшпаш" боттарна, "дохкадаларна", Малхбузерчу лерринчу хьукматашна болх барна. ФСБ-не, цаьрца дерг листа, бохура, Кадыровс, "цхьамма" ерах кхерам тесира шенна Милашинина а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG