ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 438 стаг лаьцна уьно Къилбаседа Кавказехь, дийнахь-буса велла шиъ


Коронавирусна дуьхьалояран штабо бечу хаамца, ши стаг велла Краснодар-махкахь коронавирусах. Ун даржадоьлчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь цунах велларг ву 59 стаг.

Массех де ду уггаре дукха COVID-19 кхетта нах Дагестанехь билгалбуьйлу. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь цигахь ун кхетта хаавелла 157 стаг.

  • Дагестан +157 (724 юьхьанца дуьйна схьа)
  • Краснодар-мохк +84 (707)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +46 (240)
  • ГIалгIайчоь +41 (515)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +30 (305)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +29 (272)
  • Ставропол-мохк+27 (385)
  • Нохчийчоь +22 (387)
  • Адыгей +2 (119)

3654 Къилбаседа Кавказерчу вахархочуьнца хааелла коронавирус карантин йолаелчхьана. Оперативан штабо бахарехь, ерриг Оьрсийчохь ун хьакхаделла 74 588 стагах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG