ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 Пандеми: 200 000 сов баларш


Коронавирусах 200 000 сов адам кхелхина дуьнентIехь. Ун билгалдаьлла дуьненахь 2 800 000 сов стагехь, товелла царех 830 эзар. Ишта ду Америкерчу ХIопкинс Джонсан университетан терахьаш.

Нах массанхьачул дукха белла Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь – 53 000 (верриг а цомгушхилларг ву цигахь 930 эзар).

20 000 сов стаг велла COVID-19-ннах шайн-шайн, аьлла, дIахьедина карарчу ханна пхеа пачхьалкхо. Цхьаьнатоьхна Штаташ йоцуш, уьш ю Испани, Итали, Франци, Британи.

Италехь велла 26 000 сов стаг, 195 000 товелла.
Испанехь белларш бу 23 000, товелла 224 000 стаг.
Францехь 22 600 кхелхина цомгуш хиллачу 160 000-нах.
Британехь велла 20 380 стаг, верриг а ун кхеттарг ву 149 500.

БIаьрла хиларца къаьстало Европерчу пачхьалкхашлахь Германера терахьаш: уьнах цомгуш хилларг 156 000 стаг воллушехь, баларш дац 5846 бен. Канцлера Меркел Ангелас дуккхаза а билгалдаьхна, Германино шен могашалла Iалашъен система ца кхачийтина халачу хьоле, дарбан хIусамаш ларайо дархойн дукхаллица, бохуш.

Цигахь хIинца лагIъеш ю карантин, белхаш бан юьйлалуш ю яккхий туьканаш, фирманаш. Массанхьа а санна, Германин Iедало адамашка доьху цкъачунна масканаш лелор а, шаьш арахь нисделча, юкъахь дистанци латтор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG