ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархошкара ахча лахделла боху Оьрсийчоьнан статистикан урхалло


2020-чу шеран хьалхарчу кхаа баттахь, Росстато бечу хаамца, 0,2% лахделла Оьрсийчуьрчу бахархошна хуьлу ахча. Коронавирусца доьзна а дац иза – ун даржале хIоьттина хьал ду.

Росстато лоьрург ду нахехь, цара Iедална ял охьайиллича, дуьсу ахча, тидамеоьцу цо инфляци а.

ХIинца санна, бахархойн бюджет малъелира 2014-2017-чу шерашкахь, амма 2018-2019-чу шерашкахь кIеззиг лакхабелира и гайтам. Бакъду, Росстато терахьаш лега юкъаяьккхинчу керлачу методиках ца тешарш а бу пачхьалкхерчу экономисташлахь.

РБК агенталлин цхьана эксперто яздарехь, Росстато тидаме а ца эцна Охан-беттан шолгIачу декъехь карантин юкъаяьккхина хилар. Бутт боьрзуш хааделла нахехь йохк-эцарш ян ахча кIезиг дуйла, дукха нах балхах бохийнийла, цундела шеко йоццуш лахлур ду нахера ахча, боху тергамчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG